Текст песни Макка Сагаипова - Ма ала сега

Исполнитель: Макка Сагаипова


Сан мерза безамо хьоьстуш со Iийра,
Ма ирсе яра со, цхьана гуш вай ...
Хьан хийцаваларо шелби сан кийра,
Со муха ехар-те дIакъастахь вай...

Шелбелла седа бай шен нур дIадайна
Сан гIийла ойланаш хьоьстуш бу и ...
Хьо лоьхуш дахарехь ас хало лайна
Хьо шийла хилахь а, лийра ду сан ирс...

Ма ала, ма ала вай къаста деза
Ма хьежа, ма хьежа бен доцуш соь ...
Хьажахьа суна хьо мел чIогIа веза,
Сан деган къурдашца кхойкхуш ю хьоь ...

Цхьаллийца муьйла ас сай цIена безам
Хьо генахь хиларо Iийжош ду дог ...
Цкъа мацахь санна алий хьо еза
сан гIора ястахьа аса дехар до ...

Другие песни этого исполнителя




Copyright © 2016-2024, "Тексты песен"

Обратная связь

Права на тексты песен, а также их переводы принадлежат их авторам. Все тексты и их переводы представлены исключительно для ознакомления.