Текст песни Турпал Абдулкеримов - Ирада (New 2015) [exclusive M95]

Исполнитель: Турпал Абдулкеримов


I. Х1ай-х1ай, хаза йо1, лаьцна ву со безамо
Ц1е летта со вагаво
Хьан куц дукха дезаро
Сайн гаре диттина
Со 1ебаш хьо езийта
Марзонах чам эцийта
Хьайн дагца ахь со ловзийта

Припев :
Ирада, Ирада вайшин дахар Ирада
Вовшех къаста ца лууш
Вайшин дегнаш лазийта
Безамо йовхо луш
Чим беш сан дег1 дагийта ( 2 раза )

II. Тховса кхетта беттаса
Хьан когийт тата ларадо ас
Йог1ий хьоьжуш хьоменаг
Даим хьоьжуш 1аш ву со
Лекха лаьмнаш теш лоцуш
Экъа хьаннаш теш лоьцуш
Махо ловзош г1аш долуш
Генна-генна г1о вай д1а

Припев :
Ирада, Ирада вайшин дахар Ирада
Вовшех къаста ца лууш
Вайшин дегнаш лазийта
Безамо йовхо луш
Чим беш сан дег1 дагийта ( 2 раза )

III. Арахь дог1уш ло ма ду
Дагчохь кхехкаш безам бу
П1елгашн юккъазь сигаьрк ю
К1ентан дагчохь безам бу
Экъа хьаннаш лестар ю
Лекха лаьмнаш лаьттар ду
Ас хьо х1инца 1ехор ю
Ядийна сайна юьгар ю

Припев :
Ирада, Ирада вайшин дахар Ирада
Вовшех къаста ца лууш
Вайшин дегнаш лазийта
Безамо йовхо луш
Чим беш сан дег1 дагийта ( 2 раза )

Другие песни этого исполнителя




Copyright © 2016-2024, "Тексты песен"

Обратная связь

Права на тексты песен, а также их переводы принадлежат их авторам. Все тексты и их переводы представлены исключительно для ознакомления.