Текст песни Тамара Дадашева - Дуьссур ду (New 2015) [exclusive M95]

Исполнитель: Тамара Дадашева


I. Моьттура ирс деъна гуттаренна
Моьттура даимна цо хьоьстур ю
Исбаьхьа хазачу вайн безамах
Моьттура даимна йоккхайийр ю.
Моьттура шийла 1а кхочур а дац
Моьттура дагчуьра йовхо йовр яц
Моьттура, хьомениг, хьоьх къаьстина
Кху маьлхан дуьненахь со лелар яц

Припев:
Дуьссур ду, вайх дуьне, лелла некъаш дуьссур ду,
Дуьссур ду, вай дезаш баьхна дешнаш дуьссур ду
Дуьссур ду,дегнашчохь мел къийлинарш дуьссур ду
Юьссур ю, вайн ирсе хилла зама
Дагалецамаш хилла юьссур ю.

II. Йочана яхъелла шен тийжарца
Со хьалхе ма йиси сайн 1ийжамца
Бехк хьенан бу теша вай къестарна
Безамо сел ч1ог1а вай хьестарна
Ма дийца д1адаьлларг, дог ма 1ийжа
Ма хьиза хьаса хьо сел тийжамца
Д1ахеца безам хьайн дог деладой
Х1ун хаьа х1ун дохьу кханенаш вайн

Припев :
Дуьссур ду, вайх дуьне, лелла некъаш дуьссур ду,
Дуьссур ду, вай дезаш баьхна дешнаш дуьссур ду
Дуьссур ду, дегнашчохь мел къийлинарш дуьссур ду
Юьссур ю, вайн ирсе хилла зама
Дагалецамаш хилла юьссур ю.

Другие песни этого исполнителя




Copyright © 2016-2024, "Тексты песен"

Обратная связь

Права на тексты песен, а также их переводы принадлежат их авторам. Все тексты и их переводы представлены исключительно для ознакомления.