Текст песни Лариса Садулаева - Бералла (M95)

Исполнитель: Лариса Садулаева


Тхай бешарчу 1ожа дитта 1индаг1 хержина
Ц1а сада1а ара елчи са б1арз делла са
Лулахь бери г1овг1а хезна даго доьхура
Д1ахеца-хьа цхьана ханна и бералла га
Лулахь бери г1овг1а хезна даго доьхура
Д1ахеца-хьа цхьана ханна и бералла га

Маьрша ойланаш каде хьовзалаш
Цу генарчу са бераллехь юха ловзалаш
Маьрша ойланаш каде хьовзалаш
Цу генарчу са бераллехь юха ловзалаш

Нена куьйгах г1айба бина наб ян тоьвжина
Коьртахь хьоькхуш цуьна куьга йовхо оьвзина
Лаьмни маршо суна йелла нена безама
Лар ца яйта хаза хенаш дага лоьцура
Лаьмни маршо суна йелла нена безама
Лар ца яйта хаза хенаш дага лоьцура

Маьрша ойланаш каде хьовзалаш
Цу генарчу са бераллехь юха ловзалаш
Маьрша ойланаш каде хьовзалаш
Цу генарчу са бераллехь юха ловзалаш

Соьца цхьана хьала кхиъна 1ожа диттаца
Дагар дуьйцуш х1ора денна шераш дуьлу д1а
Мел хиллариг, мел гинариг диц ца далита
Са месаш т1е г1аш а хьоькхуш леста 1ожа га
Мел хиллариг, мел гинариг диц ца далита
Са месаш т1е г1аш а хьоькхуш леста 1ожа га

Маьрша ойланаш каде хьовзалаш
Цу генарчу са бераллехь юха ловзалаш
Маьрша ойланаш каде хьовзалаш
Цу генарчу са бераллехь юха ловзалаш

Маьрша ойланаш каде хьовзалаш
Цу генарчу са бераллехь юха ловзалаш
Маьрша ойланаш каде хьовзалаш
Цу генарчу са бераллехь юха ловзалаш

Другие песни этого исполнителя




Copyright © 2016-2024, "Тексты песен"

Обратная связь

Права на тексты песен, а также их переводы принадлежат их авторам. Все тексты и их переводы представлены исключительно для ознакомления.