Текст песни ?Тамила Сагаипова - Медни Кадырова

Исполнитель: ?Тамила Сагаипова


1аламо хазйинчу раьг1нашна юкъахь
Дуьненчу яьлла хьо вай Хоси-юьртахь
Оьздачу нанас а ларйира юххехь
Цундела кхиъна хьо хазачу суьртехь

Б1аьрг ма хила хьуна, оьзда нус Медни
Мел ийна, мел бертахь вай деха цхьанни
Декъал йо хьо йинчу денца тха Медни
Рамзана, Асхьаба, Зарган, Зулайс а

Нур догу йоьхь сибат кховдийна Далла
Нус хиларх тхуна хьо йиш санна хета
Хьомсарчу вешина аг1о а хилла
Хета хьо собаре, седанал сирла

Б1аьрг ма хила хьуна, оьзда нус Медни
Мел ийна, мел бертахь вай деха цхьанни
Декъал йо хьо йинчу денца тха Медни
Рамзана, Асхьаба, Зарган, Зулайс а

Дахарехь хила вай халонаш хьоьвшна
Хьо дика хиларо гергонаш ч1аг1йо
Хьо ирсо хьоьстийла, хьо могуш ехийла
Тха хьоме нус Медни, тха йиша дикниг

Б1аьрг ма хила хьуна, оьзда нус Медни
Мел ийна, мел бертахь вай деха цхьанни
Декъал йо хьо йинчу денца тха Медни
Рамзана, Асхьаба, Зарган, Зулайс а

Другие песни этого исполнителя




Copyright © 2016-2024, "Тексты песен"

Обратная связь

Права на тексты песен, а также их переводы принадлежат их авторам. Все тексты и их переводы представлены исключительно для ознакомления.